Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шамъала, бекхачуьра къастоза болу Іахар схьа а эцна, цунах Везачу Элана лерина долу сагІа даьккхира, Исраилан халкъана гІо доьхуш. Цуьнан доІа Везачу Элана дІахезира. Шамъала сагІа доккхучу хенахь пІелаштамхой исраилхошца тІом бан баьхкира. Амма Везачу Эло пІелаштамхошна тІехь чІогІа стигал къовкъийра, уьш инзар а бохуш. Цуьнан гІоьнца уьш исраилхоша эшийра. Цо жоп делира: «Хьайга наха бохург де. Цара дІатеттинарг хьо вац, Со ву. Царна ца лаьа Аса шайна тІехь паччахьалла дойла. Аьхка диллина ло а, ялта чудерзочу хенахь догІу догІа а санна товш доцуш хуьлу сонтачун сий дар. Шайгара даьллачу къинойх лаьцна даре а деш, вовшех лаций доІа де, шайна гІоле хилийта: Делан лаамехь волчо динчу доІано дуккха а дан тарло, цуьнгахула ницкъ баларна. Эли-ЯхІу вай санна стаг вара. Цо, догІа ма даийта аьлла, чІогІа доІа дича, кхаа шарахь а, ялх баттахь а лаьтта тІе догІа ца деара. Юха цо доІа дича, стигалара догІа а деара, лаьтто шен стом а белира.
Выбор основного перевода