Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло хьо Шен деган лаам бар а, хьо харжар а массо а халкъел хьо дукха долу дела дацара – хьо массо а халкъел жима халкъ ма ду, – Везачу Элана хьо деза дела а, Цо шун дайшна делла ваІда лардо дела а хаьржина дара. И бахьана долуш Везачу Эло хьо, ондачу куьйгаца лоллин цІа чуьра ара а даьккхина, Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунан карара паргІатдаьккхина. ХІунда аьлча хьо хьан Везачу Далла дІакъастийна деза халкъ ду. Дуьнен тІера дерриг а халкъашна юкъара Цо къастийна хьо, Шен долахь долу жовхІар хилийтархьама». КанаІанхоша а, цу махкара берриг а кхечу наха а, хІара хІума а хезна, тхуна го бийр бу. Цара лаьтта тІехь ур-атталла тхан цІе а юьттур яц. Хьайн сийлахь цІе муха ларйийр ю Ахь тІаккха?» Со хир ву Сайн исраилхошна юкъахь. Ас дуьтур дац Сайн долахь долу Исраилан халкъ». Хуьлийла вайн Веза Дела вайца а, Ша вайн дайшца ма-хиллара, дІа ма воьрзийла Иза вайгахьара, ма дуьтийла Цо вай. Везачу Эло Шен халкъ дІатоттур дац, Цо Шен долахь берш цкъа а буьтур бац. Амма Цо уьш Шен цІе бахьана долуш кІелхьарбехира, царна Шен нуьцкъалалла дІагайтархьама. Веза Эла, Хьайн цІеран дуьхьа, ма таттахьа тхо дІа, Хьайн сийлаллин Іарш сийсаз ма яккхахьа. Тхоьца Ахьа бина болу барт дагахь латта а бехьа, боха а ма бехьа. Амма и хІума Ас Сайн цІеран дуьхьа дира, Сайн цІе уьш юкъахь Іийначу халкъашна хьалха ца йожийта, Ас уьш Мисар-махкара арабохучу хенахь дІадовзийтинчу халкъашна юкъахь Сайн цІе ца йожийта. Амма Сайн цІеран дуьхьа Аса иза кхочуш ца дира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадоккхуш гина долчу къаьмнашна хьалха Суна ца лаьара Сайн цІе сийсазъяьккхина хилар. Амма Сайн цІеран дуьхьа Сайн куьг юхадаьккхира Аса иза кхочушдечуьра. Исраилан халкъ шайна хьалха Мисар-махкара арадаьккхинчу къаьмнашна хьалха Суна ца лаьара Сайн цІе сийсазъяьккхина хилар. Аса юха а хоьтту: «Дала Шен халкъ дІатесна те?» Дера ца тесна! Со а ма ву ИбрахІиман хІух схьаваьлла а, Бен-Яманан тайпанах волу а исраилхо. Дала дІа ца тесна хьалххе дуьйна Ша хаьржина долу Шен халкъ. Шуна ца хаьа, хІун боху Эли-ЯхІу-пайхамарах лаьцна Делан Йозанашкахь? Исраилан халкъах лаьцна Деле латкъам беш, иштта боху цо: Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гІуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама.
Выбор основного перевода