10
ТІаккха уьш Везачу Эле, мохь а бетташ, дехарш дан буьйлабелира. Цара бохура: „Оха тхайх къа латийна. Веза Эла виц а вина, цІушна БаІалгІарний, ІаштартгІарний гІуллакх дан хІиттира тхо. МостагІчун карара тхо схьадахахьара Ахьа. ТІаккха тхо, Везачу Элана тІе а дирзина, Цунна гІуллакх а деш, лелар дара“.