Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, Хьо, СеІирера ара а ваьлла, Эдоман аренгахула схьавогІучу хенахь, латта дегош дара, стигалш тІадамаш ледош яра, мархаш догІа Іенош яра. И летта йогу цІе Цуьнан хьалхāхула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гІуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТІаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дІаделладелира. Дела Теманера схьавогІу, Везаниг а Паран-ломара схьавогІу. Цуьнан возалло стигалш дІахьулйо, Цуьнан сийлаллах латта дузу. Дала шуна маликашкахула товратан хьехам баийтира, амма аша и кхочуш ца бира». ТІаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тІетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахІиман тІаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тІаьхьенах волчунна Дала чІагІо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гІоьнца. Адаман ворхІалгІачу тІаьхьенах волчу ХІаноха а Делера болу хаам бина царах: «Веза Эла ву Шен дагар ца даллал дукха долчу дезачу маликашца вогІуш Суна дуккха а маликаш гира, церан аьзнаш а хезира. Уьш Іаршана а, цигахь долчу дийнаташна а, къаношна а гонах дара. Дагарлур доцуш, эзарнашкахь дукха дара и маликаш – эзарзза эзарнаш. ХІунда аьлча хьо хьан Везачу Далла дІакъастийна деза халкъ ду. Дуьнен тІера дерриг а халкъашна юкъара Цо къастийна хьо, Шен долахь долу жовхІар хилийтархьама». ТІом болабелча, воьхна хьийзар ву Исраилан халкъан паччахь!» «Къона долчу хенахь дуьйна дезара Суна Исраилан халкъ. Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кІанте. Оцу зудчун Марем цІе йолуш йиша яра. Марем, Элан когашка а хиина, Цуьнан къамеле ладугІуш Іара. Сан уьстагІашна Сан аз а хеза, Суна а уьш девза, уьш Суна тІаьхьа а догІу. Ткъа Аса царна Дела волчохь хедар доцу дахар ло, уьш цкъа а хІаллак а хир дац, цхьаммо а Сан карара уьш лачкъор а дац. Уьш Суна делла волу Сан Да массарал а воккха ву. Сан Ден куьйгара цхьаьнгге а лачкъалур дац уьш. «Со жуьгти ву, Килик-махкара Тарс-гІалахь вина волу, амма кхузахь, хІокху гІалахь, кхиийна ву. Сан устаз хилла Гамлиал. Цо леррина Іамийна суна вайн дайн товратан хьехамаш. Тахана шу санна, хьалха Далла леррина гІуллакх деш вара со.
Выбор основного перевода