Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан Малик дуьхьалхІоьттира цунна йогучу коканан кулла юккъехь. Коканан куллах цІе леттера. ЦІе леттехь а, йогуш яцара и колл. Мусас элира: «ТІеваха веза со оцу инзаречу хІумане хьажа. Колл хІунда ца йогу?» Муса тІевогІуш Шена гича, Веза Эла кулла юкъара кхайкхира: «Ва Муса!» «Со кхузахь ву!» – элира Мусас. Шовзткъа шо даьлча, Синай цІе йолчу лома уллохь яьссачу арахь Муса волчу йогучу куллан цІергахь малик деара. Иза исраилхоша тІе ца эцна волу Муса вара. Цара цуьнга аьллера: „Хьо хьан хІоттийна тхуна тІехь хьаькам а, кхелахо а?“ Дала Ша вохуьйтуш вара иза хІинца хьаькам а, адам паргІатадоккхург а вина. Коканийн куллахь хиллачу маликехула динера Дала и гІуллакх.
Выбор основного перевода