Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Раабанхойн а, гадахойн а вуно дукха жаш дара. ЯІзиран а, ГалІадан а мехкаш жа дажорна дика хилар гира царна. Цара, Мусана а, динан дена ЭлиІазарна а, халкъан баьччанашна а тІе а баьхкина, элира: «Іатрут а, Дибон а, ЯІзир а, Нимра а, Хьешбон а, ЭлиІала а, Себам а, Набу а, БаІун а гІаланаш тІехь йолу а, Везачу Эло Исраилан халкъана хьалха эшийна болу а и мохк жа дажорна дика бу, ткъа хьан ялхойн жаш ду». Цара элира: «Нагахь хьо тхуна реза велахь, хІара мохк хьайн лешна дола схьалохьа. Ма дахахь тхо Йордан-хил дехьа». Цу наха, Мусана тІе а баьхкина, элира: «Оха кхузахь тхайн жа чудерзо гІотанаш а йийр ю, тхайн зударшна а, берашна а гІаланаш а йийр ю. Ткъа тхо, кара герз а эцна, Исраилан халкъана хьалха а девлла, дІагІур ду, шайн меттиге оха уьш дІабиггалц. Тхайн бераш, кху махкарчу бахархошкахьара царна кхерам ца хилийтархьама, чІагІйинчу гІаланашкахь дуьтур ду оха. Исраилан халкъах волчу хІора стага а шена кхочун долу лаьттан дакъа дІалаьцначул тІаьхьа бен тхешан цІа доьрзур дац тхо. ХІунда аьлча оха схьаоьцур дацара цаьрца цхьаьна Йордан-хил дехьа агІор а, кхидІа а долу лаьттан дакъош, нагахь тхайна лаьттан дакъош Йордан-хина кху агІор малхбалехьа нисделча». Гадахоша а, раабанхоша а, жоп а луш, элира: «Везачу Эло хьан ялхой долчу тхоьга де аьлларг кхочушдийр ду оха. Везачу Элана хьалха тхо, тІамана кийча а долуш, Йордан-хил дехьадевр ду, амма тхуна кхочун долу лаьттан дакъош Йордан-хина кху агІор хир ду». Раабанан а, Гадин а тайпанашка а, Маннашан эха тайпане а ЮшаІа элира: «Дагахь латтаде Везачу Элан ялхочо Мусас шайга аьлларг: „Шун Везачу Далла лиира Йордан-хин малхбале агІор долу латта шуна дІадала, иза шун мохк хилийта“. Шун зударий а, бераш а, даьхни а Мусас Йордан-хил дехьа шуна деллачу лаьтта тІехь совца, ткъа массо а тІом балуш волчо, герзаца шайн вежаршна тІе а гІой, гІо де царна. Везачу Эло, шун санна, шун вежарийн а сатедаллалц, цара а шун Везачу Дала гуттаренна а царна луш долу латта схьаэццалц, гІо де царна. ТІаккха, юха а дерзий, шайна Везачу Элан ялхочо Мусас Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, деллачу лаьттан дола де». Раабанан а, Гадин а тІаьхьенаш а, Маннашан тІаьхьенах ах нах а, исраилхошна хьалха а бевлла, герзашца хих дехьабевлира, Мусас шайна тІе-ма-диллара. ТІамана кечвелла шовзткъа эзар герга стаг, Везачу Элана хьалхахула чекх а ваьлла, Ерихонан аренашка тІом бан вахара. Раабанан а, Гадин а тайпанашший, Маннашан ах тайпий тІе а кхайкхина, ЮшаІа элира цаьрга: «Везачу Элан ялхочо Мусас тІедиллинарг дерриг а кхочуш а дина аша, ас омра динчул тІаьхьа массо а даше ла а доьгІна. ХІара де тІекхаччалц, дуккха а хенахь шайн вежарий дІатесна ца битира аша, Везачу Эло, шун Дала, тІедиллинарг кхочуш а дира.
Выбор основного перевода