Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІуд, хьан вежарша хастор ву хьо, хьан куьг мостагІийн яьІнаш тІехь хир ду. Хьан вежарий хьуна хьалха охьатаьІар бу. Хьо къона лом ду, ЯхІуд. Талла ваханчуьра вогІу хьо, сан кІант. СадаІа лаьтта дижина лом санна ву хьо, мила ваьхьар ву хьуна новкъарло ян? Паччахьан дарж ЯхІудах дер дац, цуьнан тІаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гІаж, иза Шилун-гІала дІакхаччалц а, халкъаш цунна муьтІахь хиллалц а. Цо шен вир кемсийн таьллангах дІатосур ю, ткъа виран кІорни – тоьллачу гаьннах. Тоьллачу чагІар чохь шен бедар яшор ю цо. ЧагІаран мутта чохь шен духар дуьттур ду цо. Цуьнан бІаьргаш чагІарал Іаьржа хир ду, ткъа цергаш шурел кІайн хир ю.
Выбор основного перевода