Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло кхачам боллуш догІанаш дохкуьйтийла хьан латта токхе хилийта, хьуна алссам ялта а, керла чагІар а хилийта. Юсуп хьостана уллохь йоллучу, дуккха а стом лучу кемсийн таьллангах тера ву. Цу таьлланган генаш пенна тІехула хьаладоьлхуш ду. Дерачу оьгІазаллица пхерчий а кхуьссуш, мостагІий летара цунах. Амма цуьнан Іад чІогІа ду, цуьнан куьйгаш онда а, говза а ду. Цунна ницкъ белла Якъубан Нуьцкъалчо, Исраилан Іуьно а, Тархо а, хьуна гІо деш волчу хьан ден Дала, хьо декъалвеш волчу Нуьцкъалчо. Лакхарчу Шен стигалшца а, лахарчу латтанашца а, кІайн кхача лучу накхошца а, ховхачу кийранашца а декъалвойла хьо Нуьцкъалчу Дала. Ширачу лаьмнийн деза хиларал а, даим лаьттачу гунийн хаза хиларал а лекха ду хьан дас хьо декъалвар. Шен вежаршна юкъахь эла волчу Юсупца хуьлийла и декъалвар.
Выбор основного перевода