Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дан Исраилан халкъана кхелахо хир ву, иза Исраилан цхьа тукхам санна хир ву. Новкъа йистехь Іуьллучу лаьхьанах тера хир ву иза. ТІехйолучу говран ког лоцу, некъан тачи тІехь Іуьллу лаьхьа бу иза. Говр лазийча, цунна тІера бере охьавужу. ТІаккха, Лешем-гІалина тІе а летта, иза схьа а яьккхина, цуьнан бахархой хІаллакбира Данах схьабевллачу наха. Цу гІалахь баха хевшира уьш, цуьнан цІе Дан а тиллина, шайн ден Данан цІарах. Данхоша иштта схьадаьккхира Микас шена мел динарг. Цуьнан динан да а шайца дІавигира цара. Уьш, Лаиш-гІала дІа а бахана, цигахь маьрша бехаш Іаш болчу нахана тІелетира. Адам шайн таррашца цистира цара, ткъа гІала цІарца ягийра.
Выбор основного перевода