Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло кхачам боллуш догІанаш дохкуьйтийла хьан латта токхе хилийта, хьуна алссам ялта а, керла чагІар а хилийта. Ломан боххьера дІахьаьжча а, го суна и халкъ, лекхачу гунаш тІера а хьоьжу со цуьнга. И халкъ дІакъаьстина дехаш ду, кхечу къаьмнашна юкъа а ца догІу иза. Хьалхабевлла боьлху эшарш лоькхурш а, царна тІаьхьахІиттина богІу зурманчаш а. Ткъа юкъарчу могІарехь, вотанаш а етташ, мехкарий а ма бу. ЛадогІа хІокхуьнга, Якъубан цІа, ЯхІудана тІера схьадогІуш долу Исраилан тІаьхье хьайх олуш долу. Ахьа Везачу Элан цІарах дуй а боу, Исраилан халкъан Везачу Далла Іамал а йо – бакъдолчуьнца а, нийсонца а иза ца дахь а. Цо олалла дечу деношкахь ЯхІудан халкъ паргІат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Іийр ду. Цуьнан цІе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“.
Выбор основного перевода