Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу кхерчана тІехь АхІарона хаза хьожа йогІу хІума ягор ю. ХІора Іуьйранна, къуьданаш цІандечу хенахь, цу кхерчана тІехь хаза хьожа йогІу хІума яго еза АхІарона. Сарахь а, ша къуьданаш латош, оцу кхерчана тІехь яго еза цо хаза хьожа йогІу хІума. ТІейогІу йолчу хенахь Везачу Элана хьалха аш гуттар а дан дезаш ду иза. исраилхошна Везачу Эло Мусагахула довзийтина мел долу парзаш хьехийта а». Левихой болчу динан дайшна а, оцу деношкахь кхел еш хир волчу кхелахочунна а тІе а гІой, цаьрга хатта, тІаккха цара эр ду шуьга кхел нийса муха ян еза. И гІуллакх Везачу Эло къастор йолчу меттехь, цара ма-аллара, чекх а даккха, цара шайна хьехнарг дерриг а кхочушдан а хьажа. Цара шайна хьехначу хьехамашца а, цара тІедиллинчуьнца а лелалаш. Цара аьллачунна тІера я аьтту, я аьрру агІор ма довлалаш. ХІара товрат-хьехам, дІа а язбина, Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ лелочу левихойх болчу динан дайшка а, исраилхойн массо а къаношка а дІабелира Мусас. Весет а деш, Мусас иштта элира: «ВорхІ шо чекх мосазза долу, декхарш гечдаран шарахь, кхалорийн дезачу деношкахь, берриге а исраилхой шун Везачу Далла хьалха дІахІитта баьхкича, хІара товрат-хьехам массо а исраилхошна дІахозуьйтуш, Везачу Эло къастор йолчу меттехь дІабешалаш. Схьагулделаш халкъ: божарий, зударий, бераш, шун гІаланашкахь хин болу шуна тІебогІун берш а. ЛадогІийта цаьрга, Іамийта уьш шун Везачу Деле ларамах дуьзна хила а, хІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдайта а. ХІара хууш доцу церан бераш а, хІара дІа а хезна, шайн дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу хІокху лаьтта тІехь шу мел деха, массо а дийнахь шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Іемар ду». ТІаккха Хьо реза хир ву бакъдолчу сагІанашна, дийнаташ дагоран сагІанаш а тамехь хир ду Хьуна, тІаккха Хьан сагІа доккхучу кхерча тІе стерчий дохкур ду.
Выбор основного перевода