Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн меттаматтан кевнехь дІа а хІоьттина, Мусас элира: «Везачу Элан верг суна тІевола!» Берриг а левихой цунна тІебахара. Цо элира цаьрга: «Исраилан Везачу Дала иштта боху: „ХІора а, шен тур юкъах а дехкий, кху кевнера вукху кевне кхаччалц дІа а гІой, юхавола, хІораммо а шен ваша а, доттагІа а, уллораниг а ве“». Мусас аьлларг кхочушдира левихоша, цу дийнахь вийнарг кхо эзар гергга стаг вара. ТІаккха Мусас элира цаьрга: «Тахана шаьш Везачу Элана лерина схьакъастийра аша, хІунда аьлча шайн кІенташна а, вежаршна а дуьхьалдевлира шу. Иза бахьанехь Цо шу декъалдина». ТІаккха кхетар ду шу, и весет левихошца бина болу Сан барт ларбархьама Ас дина хиларх, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ас цаьрца бина болу барт дахаран а, машаран а барт бара. Дахар а, машар а Ас царна дІабелира, уьш Соьга ларамах буьзна хилийтархьама. Иштта хила а хилира – уьш Сан цІаре ларамах буьзна лаьттара, Суна хьалха инзарбевлла бисира. Церан багахь билггал бакъболу хьехамаш бара, харцдерг ца долура церан матта тІера. Уьш Соьца машарца а, догцІеналлица а лелара. Дукха адамаш къинош леточуьра совцийра цара. Шен дай-наний Сол дукха дезаш верг Суна улло вала хьакъ долуш вац. Шен йоІ я кІант Сол дукхах дезаш верг а вац Соьца хила хьакъ долуш. Іийсас жоп делира: «Баккъалла а боху шуьга: массарна а шайн цІа а, я вежарий-йижарий а, я да а, нана а, я шайн латта а Сан дуьхьа а, хазачу кхоан дуьхьа а дитинчарна «Стаг Суна тІаьхьахІоьттина схьаван а, Сан мурд хила а йиш йолуш вац, Со шен дел а, ненал а, зудчул а, берел а, вежарел а, йижарел а, ур-атталла дахарал а лараме хеташ иза вацахь.
Выбор основного перевода