Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хІуманаш кхуллург а мила ву? Вазве аш дуьне кхуллуш дуьйна стигалшкахь Леларг. Нуьцкъалчу озаца стигал къекъош къамел до Цо. Делан ницкъ хилар къобалделаш! Исраилан халкъана тІехь ю Цуьнан возалла. Мархашна тІехь ю Цуьнан нуьцкъалалла. Деланашна юкъахь Хьо саннарг вац, Хьалдолу Эла, Хьайнаш санна гІуллакхаш а дац. Ахьа стигаларчу хишна тІехула Хьайна Іа меттиг йо. Мархех Ахь Хьайна гІудалкх йо, Хьо мохан тІемашна тІехь а хехкало. ХІара бу Мисарх лаьцна болу хаам. Хьажал, чехкачу мархи тІехь Мисара хохку Везачу Эло. Цунна хьалха мисархойн цІуш, кхерабелла, бегабо, мисархойн майралла а, ешна, дІайолу. Хишна оьгІазвахана те Хьо, Веза Эла? Хишна тІе йирзина те Хьан оьгІазалла? ХІордана дуьхьал яьлла те Хьан дералла? Цу бахьанина Хьайн дой хоьхку Ахь, Хьан толаман гІудалкхаш лоьхку Ахь?
Выбор основного перевода