Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо иза лаьттан локхаллина тІехь леладойтура. Цо иза аренаш тІехь хьалаяьллачух дузадора, тІулгах схьа долу моз а, чІогІачу тархах схьадолу зайтдаьтта а даадора цунна. Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цІе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гІуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргІатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш а, церан деланаш а дІалохкура Ахь. Суна дуьхьалдаьллачу халкъах Ахь со кІелхьарваьккхина. Кхечу къаьмнашна тІехь куьйгалхо Ахь со вина. Суна девзаш а ца хиллачу адамаша хІинца суна гІуллакх до. Вай Везачу Элах тешна ду. Иза вайн гІоьнча а, вай лардо турс а ду. Ва Исраилан халкъ, Везачу Элах тешна Іаш хила! Иза шун гІо а, шун турс а ма ду. Ирс долуш ду и дерриг а долу халкъ. Ирс долуш ду Веза Эла Дела волу халкъ. Исраилан халкъ Везачу Эло кІелхьардоккхур ду гуттаренна а долчу кІелхьардаккхарца. ТІейогІучу хенахь цкъа а юьхьІаьржачу хІуттур дац и халкъ.
Выбор основного перевода