Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ШимІа а, Леви а вежарий бу. Шайн таррашца нахана ницкъ бо цара. Церан кхеташонна юкъа а гІур вац со, церан гуламе а гІур вац, хІунда аьлча оьгІазаллица нах байина цара, хазахетархьама стерчийн когийн пхенаш хедийна. НеІалт хилла ю церан оьгІазалла, хІунда аьлча иза буьрса йолу дела, неІалт хилла ду церан дералла, хІунда аьлча иза къиза долу дела. Якъубан тІаьхье йолчохь царна латта хир дац, ас дІасакхуьссур бу уьш берриг а Исраилан махкахула. Цу меттиган цІе Масса а, Мериба а тиллира цо (церан маьІна «зер» а, «лер» а бохург ду), хІунда аьлча цигахь исраилхой, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цунна луьйш а, Иза зуьйш а бара: «Веза Эла тхоьца ву я вац?» – бохуш. Безачу тІоьрмага тІе дахка Урим а, Тумим а олу деза тІулгаш. Везачу Элана хьалха АхІарон хІуттуш цуьнан дагна уллохь хир ду уьш. Ша Везачу Элана хьалха а волуш, исраилхошна хІун дан деза билгалдаккхаран хІуманаш шен дагна уллохь лелор ю АхІарона». Оцу хи даьккхинчу меттигах Мериба олу (иза «къовсам» бохург ду). Кхузахь исраилхой Везачу Элаца къовсаме а бевлла, Цо Шен возалла гайтина царна.
Выбор основного перевода