Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Наптал маьрша баьккхинчу сенах тера ву, исбаьхьа кІорнеш луш йолчу сенах тера ву иза. ЙолхалгІа кхаж Напталан тайпанах долчу гаранашна белира. Церан доза, Хьелеп-гІала а, ЦаІнаним-гІалина уллора нежнаш а долчуьра дІадолалой, Адами-Некхабна а, Ябниална а тІе а доьдий, Лакхумна тІекхочура. Ткъа цигара дІадахча, Йордан-хи тІехь чекхдолура иза. Кхузара дІа доза малхбузехьа Азнот-Табурна тІе а доьрзий, юха цигара Хьукхакхана тІе а доьдий, къилбехь Забулан лаьттах дІахотталора, ткъа малхбузехь Ашаран лаьттах дІахотталора. Малхбалехь иза Йорданна тІе кхочура. ЧІагІйина гІаланаш хІорш яра: Цидим, Зер, Хьамат, Ракхат, Канарот, Адама, Рама, Хьацор, Кхедаш, ЭдреІи, Іейн-Хьацор, Йиръон, Мигдал-Эл, Хьорем, Байт-Іанат, Байт-Шамаш – ткъайоьсна гІала шайн ярташца. Иштта гІаланаш а, ярташ а кхаьчнера Напталан тайпанах долчу гаранашна.
Выбор основного перевода