Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло цхьаболу дийна биснарш вайна битина ца хиллехь, вай Седам-гІала санна хир дара, Іамор-гІаланах дІатарлур дара. ХІинцалерчу хенахь а изза хуьлу: исраилхойх цхьаболу нах Іийсах тешаш бу, ткъа Дала уьш Шен диканца хаьржина. Дала вайна цхьа тоьлла хІума билгалдаьккхинера, уьш вайца цхьаьна бен кхачаме ца хилийтархьама. Толам баьккхинчунна тІе кІайн духар духур ду. Цуьнан цІе дахаран тептар тІера Ас дІа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха. Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цІергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КІайн духар а эца шайна, иза, тІе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дІахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бІаьргех хьакха, бІаьрса даийтархьама! Іаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гІант дара. Царна тІе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тІехь кІайн духар дара. Церан кортош тІе диллина дашо таьжнаш дара. Цул тІаьхьа со дІахьаьжча, лаьтташ йолу адамийн йоккха тоба гира суна. Адамаш цхьаьнгге а дагар ца даллал дукха дара. Массо а халкъех, тукхамех, къаьмнех, меттанех схьадевллачу адамийн и тоба яра Делан Іаршана хьалха а, Іахарна хьалха а лаьтташ. Царна тІехь кІайн обанаш а яра, церан карахь хурманийн диттийн гаьннаш а дара. Шен къамел долош, къанойх цхьаммо соьга хаьттира: «И кІайн обанаш тІеюьйхина болу нах муьлш бу? Уьш мичара баьхкина?» Цунна тІаьхьахІиттина догІуш дара стигалан эскарш. Церан дошлой кІайчу дойшна тІехь бара, ткъа царна тІехь яра цІеначу дуткъачу лепаш долчу кІадих йина бедарш.
Выбор основного перевода