Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигаларчу седарчаша а, седарчийн тобанаша а шайгара серло лур яц. Ша хьалагІоттуш, малх кхоьлина хир бу, батто а шен серло лур яц. Берриг а ницкъийн Везачу Элан дералла бахьана долуш, Цуьнан чІогІачу оьгІазаллин дийнахь, Цо стигал ластор ю, латта а ша долчуьра меттахдер ду. Стигалара дерриг а седарчий телхар ду, стигал а хьаьрчар ю, хьарчийна тептар санна. Седарчийн эскар а, кемсийн таьлланга тІера чудужу гІа санна а, инжиран дитта тІера маргІалдоьлла гІа санна а, чудужур ду. Ас стигалш боданехь дІахьулйо, сингаттаман духар тІе а тосий». Хьо дІабайича, Ас стигалш а дІакъовлур ю, седарчий а кхолуьйтур ду, мархашца малх а дІакъовлур бу, батто а шен серло лур яц. Стигалара массо а серло луш йолу хІума Ас дІакъовлур ю, тІаккха дерриг а хьан лаьтта тІехь бода хІуттур бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Царна хьалха латта дегадо, стигал лестайо, малххий, буттий кхулу, седарчаша схьалуш йолу серло а дІайолу. Малхах бода хир бу, баттах цІий хир ду, Везачу Элан де тІекхачале. Иза сийлахь а, къемате а ду. Халкъана дуьхьал халкъ гІоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьІ-маьІІехь мацалла а хІуттур ю, мохк а бегор бу. Турбин озаца Ша хаьржинарш дуьненан еъа а маьІІера схьагулбан дохуьйтур ду Цо Шен маликаш, стигалийн цхьана йистера вукху йисте кхаччалц». «Амма оцу деношкахь, и баланаш тІехІоьттинчул тІаьхьа, „малх кхулур бу, батто а серло лур яц, стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю“». «Малха тІехь, батта тІехь, седарчаш тІехь тамашийна билгалонаш гур ю шуна. Ловзабаьллачу хІордан тулгІенийн гІовгІано кхерийна халкъаш дуьнен чохь сингаттамехь хир ду. Везачу Элан сийлахь де тІекхачале малхах бода хир бу, баттах цІий хир ду. КхоалгІачу малико а турба лекхира. ТІаккха стигалара боккха седа охьабуьйжира. Иза, хаьштиг санна, къегаш бара. Хийн а, шовданийн а, хьостанийн а кхоалгІачу декъа тІе охьабуьйжира и седа. ДоьалгІачу малико а турба лекхира. Цул тІаьхьа малхан а, беттан а, седарчийн а кхоалгІа дакъа дІахьулделира. Цундела церан кхоалгІа дакъош кхоьлина дІахІиттира. Дийнан а, буьйсанан а кхоалгІа дакъа, серло ца луш а хилла, дІахІоьттира. ПхоьалгІачу малико а лекхира турба. ТІаккха стигалара лаьтта охьабоьжна седа гира суна. Цу седанан караделира бух боцучу Іинна тІебоьдучу некъан догІа. ТІаккха ткъес туьйхира, стигал къийкъира, гІовгІанаш евлира, чІогІа мохк бегийра. Адамаш лаьттахь дехаш долчу хенахь дуьйна, цкъа а ца хиллачу кепара чІогІа мохк бегийра.
Выбор основного перевода