Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу а, шун ваша Яхьъя волу со а цхьатерра Іийсах тешарна, шуьца цхьаьна Цуьнан олаллехь болчара хьоьгучу баланашкахь дакъа лаца доьналла долуш ву со. Иштта, Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а, таІзар а деш, Патмас цІе йолчу гІайренна тІе вахийтинера со. Саьрмик чІогІа дарбелира цу зудчунна. Иза цу зудчун тІаьхьенах болчу кхечаьрца тІом бан бахара. Уьш бара, Делан весеташ кхочуш а деш, Іийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш берш. Ткъа сагІа доккхучу кхерчана уллора цІарна тІехь олалла деш долу кхин а цхьа малик тІедеара. Цо куьйгахь ира марс болчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн ира марс схьа а эций, лаьттарчу кемсийн таьллангашна тІера кемсийн хорханаш схьаяха, хІунда аьлча и кемсаш хилла яьлла». СагІа доккхучу кхерчана уллора а аз хезира суна. Цо бохура: «ХІаъ, массо а ницкъийн Веза Дела, билггал бакъ а, нийса а ю Хьан кхелаш». Цул тІаьхьа суна гира паччахьан гІанташ. Царна тІе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а тІера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Іибадат ца динера цара. Цу экханан мухІар а тІе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тІе а, я куьйгаш тІе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.
Выбор основного перевода