Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан эскархойн турсаш цІен ду. Церан тІемалой цІен духар дуьйхина бу. ЦІе санна лепаш ду церан гІудалкхийн эчиг тІамана кечам бинчу дийнахь, техкаш ю гоьмукъийн хьун. Буьйсанна хІара сурт хІоьттира суна: расхачу динна тІехиъна Іаш волчу беречо боьранехь йолчу коьллашна юкъахь дин сацийнера. Оцу динна тІехьа кхидолу дой дара – расха а, сира а, кІайн а беснаш долу. Ас сайн бІаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хІара сурт го: шина ломана юккъерачу чІожа чуьра арайолуш йиъ гІудалкх ю, ткъа и лаьмнаш – йоьзан лаьмнаш ду. Хьалхарчу гІудалкхахь расха говраш ю, шолгІачу гІудалкхахь Іаьржа говраш ю, кхозлагІчу гІудалкхахь кІайн говраш ю, ткъа йоьалгІачу гІудалкхахь сира говраш ю. Уьш ерриш а онда говраш ю. Сайга дистхуьлучу малике къамел дІа а долош, ас элира: «Сан олахо, иза хІун ду?» Малико соьга жоп делира: «Уьш стигалара арабуьйлу биъ мох бу, дерриге а дуьненан Олахочунна хьалха дІахІиттинчул тІаьхьа араболуш болу».
Выбор основного перевода