Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло элира: «Ахь хІун дина? Хьан вешин цІийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара. Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна! Цунна хьалха охьатаьІийла стигалшкахь мел берш! Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна! ЧІагІлойла Делан долу массо а маликаш! Цо бекхам бийр бу Шен ялхошна тІера, Цо бекхам бийр бу Шен мостагІашна, Шен лаьттан а, Шен халкъан а къинош дІадохур ду!» Ахьа хьайн олахочун Ахьабан цІа хІаллакдан деза. Иза ахьа дийр ду Изабалан карах беллачу Сан пайхамарийн а, Везачу Элан хиллачу массо а ялхойн а Іаьнначу цІийна тІера Соьга бекхам байтархьама. Кхин а мел ханна хир ду те Ахьа сан тергам ца бар, Веза Эла? Кхин а мел Іийр ву те Хьо соьгахьара дІавирзина, Веза Эла? Веза Эла, мел дахлур ду те Хьан оьгІазвахар, Хьан эмгаралла, цІе санна, йогуш мел лаьттар ю те? Кхечу къаьмнех болчу наха хІунда хоьтту: «Мичахь ву церан Дела?» Тхан бІаьргашна хьалха кхечу къаьмнашна хаийтахьа, Хьан ялхойн цІий Іанорна Айхьа бекхам бийриг хилар. Везачу Элан Малико элира: «Массо а ницкъийн Веза Эла! Мел Іийр ву те Хьо оьгІазвахана, Ярушалайм-гІаланах а, ЯхІуд-мехкан гІаланех а къинхетам ца беш, Ахь царна таІзар дина кхузткъе итт шо даьллашехь?» хІунда аьлча хІора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неІ тухучунна – схьайоьллуьйту. Муьлхачу дас лур бу шен кІантана лаьхьа, цо чІара боьхуш хилча? Муьлхачу дас лур ю шен кІантана дІаьвше гезг, цо хІоа доьхуш хилча? Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шайн Дас муххале а доьхучунна Шен Деза Са лур дуйла хоуьйла шуна“». Цкъа Іийсас стеган мотт сацош долу жин эккхийра. Жин арадаьлча, стаг къамел дан хІоьттира. Юххехь лаьттарш чІогІа цецбевллера. Цхьаболчара бохура: «Жинийн эла волчу БаІал-Зебулин олаллица жинаш лохку Цо адамашна чуьра». Ткъа вукхара Іийса зерхьама дехар дира, стигалара цхьа тамашийна билгало гайта шайна аьлла. Амма церан ойланаш хуучу Іийсас элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хІаллакьхила хьаьхна ю. Ткъа юкъахь барт боцу доьзал бухур бу. Нагахь иблис шена гонах болчаьрца бертахь дацахь, муха лаьттар ду цуьнан олалла? Ас и шуьга боху, БаІал-Зебулан ницкъаца Ас жинаш дІадоху бохуш, аш кхайкхадо дела. Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаІал-Зебулин гІоьнца дІалохкуш хилча, шун наха хьенан ницкъаца лохку уьш? Уьш шун кхелахой хир бу! Ас Делан ницкъаца лохку жинаш, ткъа иза Делан Олалла шуна схьакхаьчна хиларан билгало ю. Нагахь шен цІа лардеш волу стаг онда а, герзаца а велахь, цуьнан бахамна кхераме хІумма а дац. Амма нагахь, цул онданиг тІе а летта, и эшавахь, хІусамден бІобулуш хилла долу герз схьа а даьккхина, бахам дІахьур бу. Соьца воцург Суна дуьхьал ву. Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дІасабекъаболуьйтуш ву». «Харцжин стагах дІакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тІетовжа меттиг а ца карош. ТІаккха цо олу: „Со арадаьллачу цІа чу юхадоьрзур ду со“. Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Іийна меттиг нуй хьаькхна а, цІанйина а карайо цунна. ТІаккха доьдий, цо шеца ворхІ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хІусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу». Іийса къамел деш а волуш, нахана юкъара цхьана зудчо мохь туьйхира: «Декъала ю Хьо кийрахь лелийна а, Хьуна накха белла а йолу зуда!» Амма Іийсас элира: «Кхин а декъала бу, Делан даше ла а дугІуш, иза кхочушдеш берш». Дукха адам дара Іийсана гонах гулделла, тІетеІаш. Иза дийца волавелира: «Телхина ю хІинцалера тІаьхье. Цо доьху тамашийна билгало гайта бохуш, амма царна цхьа а билгало гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург. Нунав-гІалара бахархошна Юнус-пайхамар санна, хІинцалерчу тІаьхьенна Адамийн КІант а билгало хилла дІахІуттур ву. Къилбехьарчу зуда-паччахьо, хІокху тІаьхьенца ден а елла, Дала кхел ечу дийнахь и нах бехке бийр бу, хІунда аьлча иза цхьана дуьненан маьІІера йогІура Сулим-паччахьан хьекъале къамеле ладогІа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву. Къематан дийнахь Нунав-гІалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хІунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву». «Цхьаммо а ца хІоттабо латийна стогар иза ца гунболчу метте я кхаби кІел. Мелхо а хІора чувогІучунна серло гун йолччу лакха хІоттабо. Хьан бІаьргаш – хьан дегІан серло ю. Нагахь хьан бІаьргашна са дика гахь, хьан дегІ серлонах дуьзна хир ду. Ткъа нагахь хьан бІаьргаш дика бацахь, дегІ а боданах дуьзна хир ду. Хьайн дегІера серлонах бода ца хилийта хьажалахь. Нагахь хьан дегІ серлонах дуьзна делахь, цуьнан цхьа а меже боданехь яцахь, иза дерриг а, латийна стогар санна, серло луш хир ду». Іийса, къамел дина ваьлча, цхьана парушхочо ша волчу хІума яа чукхайкхира. ЦІа чу а ваьлла, хІума юучу меттехь агІорвелира Іийса. Парушхо цецвелира, Цо хІума яале куьйгаш ца дилча. Амма Эло цуьнга элира: «Аша, парушхоша, тІехулара кад-Іайг дикка цІандахь а, бухалара бІаьрмециг а, къиза а ду шу. Сонтанаш! ТІехуларниг Кхоьллинчо ца кхоьллина бухаларниг а? Шайн долахь дерг къечаьрца декъа, тІаккха дерриг а нийса хир ду шун. Къа ду шун, парушхой! Аша шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа, ур-атталла кертара хас-стоьмех а, сагІина дІалуш ду, ткъа нийсо а, Деле болу безам а бицбелла шуна. Ткъа аш иза а, важа а – ший а дан деза. Къа ду шун, парушхой! Гуламан цІа чохь баьрччехь Іан лаьа шуна, базаран майданашкахь массара а шайга маршалла хатта лаьа шуна. Баьрзнаш шарделлачу кешнех тера ду шу. Царна тІехула нах лела, уьш мел телхина ду а ца хууш». Цхьана Іеламчу стага элира: «Устаз! Оцу дешнашца тхуна а халахетар ма до Ахь!» – аьлла. Іийсас жоп делира: «Шун а ду къа, Іелам нах! ХІунда аьлча дІа ца бахьлун мохь нахана тІе буьллу аш, ткъа шаьш пІелга тІе пІелг а ца туху гІодархьама. Къа ду шун, хІунда аьлча шайн дайша байинчу пайхамаршна зиярташ деш ду шу. И болх барца аш тоьшалла до, шайн дайша динарг шаьш къобалдеш хилар: цара пайхамарш бойура, ткъа аш зиярташ хІиттадо. Цундела Шегахь бен доцучу хьекъалца Дала аьлла: „Ас уьш болчу пайхамарш а, векалш а бохуьйтур бу, амма цара цхьаберш бойур бу, вуьш балехь бахкор бу“. ХІокху тІаьхьене дуьне кхоьллинчхьана Іанийна долу массо а пайхамаран цІий хоттур ду: Хьабулна тІера Делан цІенний, сагІа доккхучу кхерчаний юккъехь вийначу Закри-ЯхІуний тІе кхаччалц. Билггала боху шуьга, аш жоп лур ду дериггенах а. «Палидалпи-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху веза а, билггал бакъ а волчу Шен карахь Даудан догІа Долчо. Цо неІ дІаястахь, цхьаьнгге а иза дІакъовлалур яц. Цо неІ дІакъовлахь, цхьаьнгге а иза дІаясталур яц. Цуьнан кхелаш билггал бакъ а, нийсо йолуш а ю. Цо кхел йира оцу чІогІа сийсаза лелаш йолчунна, оцу йоккхачу гІалина. Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера. Цо Делан ялхой болчеран цІий Іанорна, Дала цунна догІуш долу таІзар дира».
Выбор основного перевода