Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІеххьана Цо лаьмнаш меттахдоху, Шен оьгІазаллехь уьш харца а до. Цо латта меттах а доккху, цуьнан баххаш дега а до. Стигалара дерриг а седарчий телхар ду, стигал а хьаьрчар ю, хьарчийна тептар санна. Седарчийн эскар а, кемсийн таьлланга тІера чудужу гІа санна а, инжиран дитта тІера маргІалдоьлла гІа санна а, чудужур ду. Баккъалла а, ма эрна хилла-кх сагІа доккхучу лакхенашкахь а, гунашкахь а оха, цІушна корта а бетташ, йина гІовгІа. Исраилан халкъан кІелхьардалар баккъалла а тхан Везачу Делера бен дац. Лаьмнашка дІахьаьжира со: уьш дегош дара, ткъа гунаш техкаш лаьтташ дара. ХІора гІайре а дІаелира, ткъа лаьмнех кхин хІумма а ца дисира. Цул тІаьхьа суна гира йоккха кІайн басахь йолу Іарш а, цигахь хиъна Верг а. И волчуьра стигал а, латта а къайладелира, царна кхин меттиг ца йисира.
Выбор основного перевода