Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугІур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кІен сагІанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тІеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца хІаллакбийр бу Аса уьш». Деа тайпана таІзар дийр ду Аса царна, – боху Везачу Эло, – уьш байъийта тур а, церан декъий дІасаийзадайта жІаьлеш а, стигалара олхазарш а, къиза акхарой а церан декъий даийта. Хьан бахархойх цхьа дакъа, Ярушалайм-гІала, Іожаллин ун а, мацалла а бахьана долуш лийр ду хьуна чохь, шолгІа долу дакъа мостагІийн туьро хІаллакдийр ду хьуна гонах, ткъа кхоалгІа долу дакъа Аса массо а маьІІе дІасадаржор ду, церан лорах карахь тарраш долу мостагІий а бохуьйтур бу. Шуна тІе мацалла а, къиза акхарой а хьажор ю Аса. Цара шун бераш хІаллакдийр ду. ГІалахь Іожаллин ун а, баларш а хир ду, иштта Аса шуна тІе тІом хьажор бу. Иштта боху Веза Эла волчу Аса». Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ойла е, мел бохам бер бу Ярушалаймана, Ас диъ таІзар – тур а, мацалла а, акхарой а, Іожаллин ун а – цунна тІе хьажадича, цуьнан бахархой а, церан даьхни а хІаллакдархьама! Ахьа дІаала цаьрга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, цу йохийначу гІалин саьлнаш юкъахь Іаш болу нах туьро хІаллакбина хир ма бу. Аренгахь нисбелларш Ас акхарошна дІалур бу, цаьрга байъийта, ткъа чІагІонаш чохь а, хьехаш чохь а дІалевчкъинарш Іожаллин уьно хІаллакбийр бу. Къинош леторна луш йолу ял Іожалла ю, ткъа Дала луш долу совгІат Дала леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна хир долу хедар доцу дахар ду. ХІордо а схьабелира шена чохь болу белларш. Шайна чохь болу белларш схьабелира Іожалло а, эхарто а. Царна хІоранна а, шайн-шайн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йира. Іожалла а, эхарт а цІе яьлла богучу Іам чу тесира. (И Іам шозлагІа валар ду.)
Выбор основного перевода