Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу Іаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хІорд бара. Ткъа Іарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Іаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалхā а, тІехьā а шорта бІаьргаш дара церан. Дийнатех цхьаъ лоьмах тера дара. ШолгІа дийнат старгІанах тера дара. КхозлагІчу дийнатан, адаман санна, юьхь яра. ДоьалгІаниг тІемаяьллачу аьрзунах тера дара. Цу деъа а дийнатан хІораннан а гонах ялх-ялх тІам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бІаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогІун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш. ТІаккха Іаршана тІехь охьахиъна Іаш Волчун аьтту куьйгахь хьарчийна тептар гира суна. Цу хьарчийначу тептаран шинна а агІор йозанаш дара. И тептар, ворхІ мухІар а тоьхна, дІакъевлина дара. Ницкъболу малик а гира суна. Цо, чІогІачу озаца кхайкхам беш, хоьттура: «Мила ву, хІокху тептар тІера мухІарш дІа а даьхна, иза дІаделла хьакъ верг?» Стигалахь, лаьттахь, я лаьтта бухахь цхьаннан а йиш яцара и тептар дІаделла а, я цу тІе хьажа а. И тептар дІа а диллина, иза деша а, я цу тІе хьажа а цхьа а хьакъ цахиларна, со дуккха а вилхира. Оцу къанойх цхьаммо элира соьга: «Ма велха! ХІара ду ЯхІудан тайпанах долу Лом: Даудан Орам. Цо толам баьккхина, Цуьнан йиш ю цу тептар тІера ворхІ мухІар дІадаккха а, иза дІаделла а». ТІаккха со дІахьаьжча, суна гира и Іарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Іахар. Иза, сагІина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхІ маІа а, ворхІ бІаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тІедахийтина долу Делан ворхІ Са дара уьш. Іахаро Іаршана тІе хиъна Волчун аьтту куьйгара и тептар схьаийцира. Цо, лоьмо санна, чІогІа мохь туьйхира. Цо кхайкхинчул тІаьхьа, ворхІе а ткъес туьйхира, церан гІовгІанаша къамел а деш. Суна стигалара аз хезира. Цуьнан гІовгІа чухчарин гІовгІанах а, чІогІа къекъачу стигалан гІовгІанах а тера яра. Шайн дечиг-пондаршна тІехь эшарш лоькхучу пондарчийн аз а хезира суна. Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гІовгІанах я чІогІачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура: «Хастам бу Далла! ХІунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела паччахьалла дан волавелла.
Выбор основного перевода