Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна юкъахь тамашийна билгало а йина, дийна бисинчарах цхьаберш Сох лаьцна ца хезначу а, Сан сийлалла ца гиначу а къаьмнашна тІе бохуьйтур бу Ас: Таршаш тІе а, пІулахошна а, шайн говзачу Іад кхуссучаьрца болчу лудамхошна а тІе, Тубална а, Яванна а тІе, генахь долчу хІордан йистерачу халкъашна а тІе. Оцу халкъашна юкъахь Сан сийлалла кхайкхор ю цара. Хишна оьгІазвахана те Хьо, Веза Эла? Хишна тІе йирзина те Хьан оьгІазалла? ХІордана дуьхьал яьлла те Хьан дералла? Цу бахьанина Хьайн дой хоьхку Ахь, Хьан толаман гІудалкхаш лоьхку Ахь? Ахь схьадоккху Хьайн секхаІад, Хьайн ботт пхерчашца а юзу. Ахь Іоврашца хедадо латта. Буьйсанна хІара сурт хІоьттира суна: расхачу динна тІехиъна Іаш волчу беречо боьранехь йолчу коьллашна юкъахь дин сацийнера. Оцу динна тІехьа кхидолу дой дара – расха а, сира а, кІайн а беснаш долу. кхозлагІчу гІудалкхахь кІайн говраш ю, ткъа йоьалгІачу гІудалкхахь сира говраш ю. Уьш ерриш а онда говраш ю. Іаьржа говраш шайгахь йолу гІудалкх къилбаседерчу махкахьа арайолуш ю, кІайн говраш малхбузехьа йовлуш ю, ткъа сира говраш къилбехьа йоьдуш ю. Цара хьайга делла детий, деший схьа а эций, таж а дай, иза коьрта динан да волчу ЯхІу-ЦІадакъан кІентан ЮшаІан коьрта тІе дилла. Со дІахьаьжча, суна кІайн марха гира. Цу мархина тІехь «адамийн кІантах тера волу цхьаъ» вара охьахиъна. Цуьнан коьрта тІехь деших дина таж дара. Ткъа карахь ира марс бара. Суна гира дІаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кІайн дин бара. Цу тІе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тІом бар а нийсонца леладо. Цуьнан бІаьргаш йогуш йолчу цІерах тера ду. Ткъа Цуьнан коьрта тІехь дуккха а таьжнаш ду. Цунна тІехь язйина, Цунна Шена бен, кхин цхьанна а хууш йоцу цІе ю. ЦІийно тІадийна оба яра Цунна тІехь. Беречун цІе «Делан Дош» ю. Цунна тІаьхьахІиттина догІуш дара стигалан эскарш. Церан дошлой кІайчу дойшна тІехь бара, ткъа царна тІехь яра цІеначу дуткъачу лепаш долчу кІадих йина бедарш. Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тІехь толам баккхархьама. Аьчка гІожаца Цо олалла дийр ду царна тІехь. Массо а ницкъийн Делан оьгІазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю. Цуьнан духар тІехь а, хаьн тІехь а язйина иштта цІе ю: «Паччахьийн а Паччахь, олахойн а Олахо».
Выбор основного перевода