Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а нах Хьох кхоьруш латта беза, Дела. Хьуна хьалха мила латталур ву, Хьо оьгІазвахча. Хьехашна чу а гІой, лаьтта бухахь къайладовла Везачу Элана хьалха болчу кхерамах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а. Стеган лакхара хьажар охьатаІийна хир ду, адамийн дегалла лахъер ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ. Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догІур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а – уьш берриш а охьатаІор бу. И де догІур ду лекха а, айаделла а долчу Ливанунан баган-дитташна а, Башанан нежнашна а, дерриге а лекхачу лаьмнашна а, айаделлачу гунашна а, муьлххачу а лекхачу бІаьвнна а, муьлххачу ондачу пенна а, Таршашан дерриге а хІордкеманашна а, уггар хазачу кеманашна а. Стеган куралла лахйийр ю, адамийн дегалла охьатаІийна хир ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ, ткъа цІуш гуттаренна а дІабевр бу. Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача. Цу дийнахь стага ша Іибадат дан бина дато а, дашо а цІуш боьлкъазаршна а, бирдолагашна а дІакхуьйсур бу, тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалачкъархьама, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхера а велла, Иза латта дего веача. Стагах бІобулий ма Іе – мерІуьргашкахула синош дахарца бен иза ца веха. Цунна тІетовжа йиш юй ткъа? Делха, герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. Веза Эла эскарна хьалха воьду, Цо Шен эскаре омра до. Ма шортта ду Цуьнан долахь долу эскар! Ма нуьцкъала бу Цуьнан дош кхочушдийраш! Везачу Эло кхел ен де сийлахь ду. Хьаьнга лалур ду те и къематде? Мила латталур ву, Иза эргІадвахча? Хьан ловр ю Цуьнан чІогІа йолу оьгІазалла? Цуьнан дералла яьлла цІе санна хиларна, тархех Цунна хьалха чан хуьлу. Гергга ду Везачу Элан сийлахь-доккха де. Гергга а ду, чІогІа сихделла а догІу. ЛадогІал! Везачу Элан де ма къаьхьа белхар ду! Уггар майрачу тІемалочо а цІогІа детташ ду! Хьаьнга лалур ду те Иза схьавогІу де? Мила латталур ву, Иза схьавеача? ХІунда аьлча Иза дерриге а лалош йолу цІе санна а, дерриге а цІандеш долу саба санна а ву. Амма иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц. ЙолхалгІачу малико шен бога Эпрат цІе йолчу доккхачу хи чу охьадоьттира. ТІаккха, малхбалехьарчу паччахьашна некъ кечбархьама, и хи лекъира. ТІаккха суна гира саьрмикан багара а, экханан багара а, харцпайхамаран багара а арадолу, бецан пхьидех тера долу кхо харц жин. Уьш жинийн синош дара. Цара тамашийна хІуманаш дора. И жинаш дерриг а дуьнен чуьра паччахьашна тІе дахара, массо а ницкъийн Делан сийлахьчу дийнахь уьш тІаме схьагулбархьама. «ЛадогІалаш! Со, къу санна, цІеххьана вогІур ву. Декъала бу, шаьш берзина ца хилийтархьама а, шайн бехке меттигаш гучу ца яхархьама а, тІеюху бедарш куьйга кІел а латтош, сема берш». Иштта, и паччахьаш Іебархойн маттахь ХІар-Магдон олучу метте дІагулбира оцу жинаша. ВорхІалгІачу малико шен боганна чуьрниг хІаваэ охьадоьттира. ТІаккха стигалшкарчу Делан цІа чуьра Іаршана тІера чІогІа аз хезира. Цо элира: «Кхочушхили!» Суна гира дІаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кІайн дин бара. Цу тІе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тІом бар а нийсонца леладо. Цуьнан бІаьргаш йогуш йолчу цІерах тера ду. Ткъа Цуьнан коьрта тІехь дуккха а таьжнаш ду. Цунна тІехь язйина, Цунна Шена бен, кхин цхьанна а хууш йоцу цІе ю. ЦІийно тІадийна оба яра Цунна тІехь. Беречун цІе «Делан Дош» ю. Цунна тІаьхьахІиттина догІуш дара стигалан эскарш. Церан дошлой кІайчу дойшна тІехь бара, ткъа царна тІехь яра цІеначу дуткъачу лепаш долчу кІадих йина бедарш. Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тІехь толам баккхархьама. Аьчка гІожаца Цо олалла дийр ду царна тІехь. Массо а ницкъийн Делан оьгІазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю. Цуьнан духар тІехь а, хаьн тІехь а язйина иштта цІе ю: «Паччахьийн а Паччахь, олахойн а Олахо». ТІаккха суна гира малхехь лаьтташ долу цхьа малик. Цо, аз а айдина, мохь туьйхира стигална юккъехула тІемадаьлла доьдучу массо а олхазаршка: «ТІема а довлий, схьагулло Делан доккхачу тойне. Аша дІадаа паччахьийн а, тІеман коьртачу хьаькамийн а, тІемалойн а дилха а, иштта дойн а, церан дошлойн а, паргІат болчу массеран а, леш болчеран а, лараме боцучеран а, цІеяхначийн а дилха а». ТІаккха суна гира экха а, дуьнен чуьра паччахьаш а шайн эскаршца цхьаьна. Уьш гулделлера оцу дин тІе хиъна Волчунна а, Цуьнан эскарна а дуьхьал тІом бан. Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гІуллакхашца цо Іехийнера экханан мухІар шайна тІедиллийтинарш а, экханан суьртана Іибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цІе яьлла богучу а Іома чу тесира. Ткъа бисина болу кхиберш дин тІе хиъна Волчун багара схьадолучу туьраца байира. Дерриге а олхазарша шаьш дуззалц церан дилха диира.
Выбор основного перевода