Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо соьга элира: «Адаман кІант! Хьайна хьалхара гуш дерг дІадаа, дІадаа и хьарчийна тептар. Цул тІаьхьа, ваха а гІой, Исраилан халкъе вистхила». Цу Іаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хІорд бара. Ткъа Іарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Іаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалхā а, тІехьā а шорта бІаьргаш дара церан. Дийнатех цхьаъ лоьмах тера дара. ШолгІа дийнат старгІанах тера дара. КхозлагІчу дийнатан, адаман санна, юьхь яра. ДоьалгІаниг тІемаяьллачу аьрзунах тера дара. Цхьана а бацана, цхьана а ораматна, цхьана а диттана зен ма делаш, элира цу цІазе. Ткъа шайн хьаьжнаш тІе Делан мухІарш тоьхна доцучу адамашна зен дан могуьйту шуна.
Выбор основного перевода