Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара. Паччахьаш, цхьаьна а кхетта, гІалина тІелата тІебахара. Хьехашна чу а гІой, лаьтта бухахь къайладовла Везачу Элана хьалха болчу кхерамах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а. Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача. тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалачкъархьама, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхера а велла, Иза латта дего веача. Цу дийнахь Везачу Эло жоьпе озор бу лакхахь болу Шена дуьхьалбевлла стигалара ницкъаш а, лахахь болу лаьттара паччахьаш а. Баьччанех цхьа а вуьсур вац цигахь, махкана тІехь паччахьалла дан кхайкха, берриг а цигара элий дІабевр бу. Шайна дошлойн а, секхаІад кхоссархойн а гІовгІа хезча, массо а гІаланашкара нах дІабовдур бу: цхьаберш хьехаш чохь дІаловчкъур бу, вуьш терхеш тІе хьалабевр бу. Массо а гІаланаш яссалур ю, шайна чохь дийна адам а доцуш.
Выбор основного перевода