Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала Мусага элира: «Со „Со Верг“ ву. Иштта дІаала исраилхошка: „Ша Волуш Волчо ваийтина со шуна тІе“». Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. Хьан кхочушдина иза, хьан чекхдаьккхина иза? Хинйолу тІаьхьенаш юьхьанцара дуьйна схьа хьан кхайкхина? Со, Веза Эла, хьалхарниг ву, тІаьххьарчаьрца а Со изза хир ву. Ткъа и хІун ду? Нагахь санна цхьаберш тешаме ца хиллехь, церан тешам цахиларо дойур-м дац те Делан тешаме хилар? Дера дац! Дела тешаме ву, ткъа муьлхха а адам харцлуьйш ду. Яздина ма ду: «Айхьа дуьйцучохь Хьо нийса а ву, кхел ярехь Хьо тоьлур а ву». Нагахь вайн харцлеро Делан бакъхилар дІадоьллуш хилча, хІун ала вай? Дела нийса вуй те, бохур ду вай, Цо Шен таІзар вайна дича? (Аса-м адаман ойланца боху иштта.) Дера дац! Иза иштта хилча, дуьнен чуьра массо а адамашна Дала кхел ян муха тарло? Цара бохура: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, Хьуна бу хастам, волуш волу а, хилла волу а Веза Эла, Ахьа, Хьайн доккха олалла тІе а лаьцна, паччахьалла дан доладарна.
Выбор основного перевода