Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьуна ницкъ биначаьрга Ас шайн дилха доуьйтур ду. Шайн цІийно бахор бу уьш, чагІаро санна. ТІаккха массо а адамашна хуур ду Со Веза Эла а, хьо КІелхьарйоккхург а, мах баларца хьо ПаргІатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла». Цара, хи санна, цІий Іанийна Ярушалаймана гонах, уьш дІабохка стаг а вацара. Цундела Аса шу долчу бохкуьйту пайхамарш, хьекъалчаш, Іелам нах. Царах цхьаберш аша я бойу, я жІарах дІатуху, вуьш, шун гуламан цІенош чохь етташ, цхьана гІалара вукху гІала лоьхкуш лелабо. Шуна тІехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цІий, аша Іанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тІера дІадолийна Барак-ЯхІун кІант волчу Закри-ЯхІуна тІекхаччалц, Делан цІенний, сагІа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу. Цара, аз чІагІ а деш, олура: «Бийна болу Іахар хьакъ долуш бу нуьцкъалалла а, хьал а, хьекъалалла а, чІагІо а, ларам а, сийлалла а, хастам а дІаэца».
Выбор основного перевода