Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала кховдаде, тІаккха берриг а Мисар-махкахь буькъа бода хІуттур бу». Къизачу Іазапехь а, меца а болуш, лаьтта тІехула лелар бу и нах. Мацалла хІоьттинчу хенахь, дар а белла, шайн паччахьна а, Далла а луьйр бу уьш. Стигала а, лаьтта а хьовсур бу уьш, бала а, бода а гур бу царна, буькъачу бодане кхиссина хир бу уьш. Амма хІинца ша чІагІбеллачу меттехь гуттар а хир бац бода. Цо пхоьалгІа мухІар дІадаьккхича, сагІа доккхучу кхерчана бухахь Делан дош кхайкхор бахьанехь а, цара до тоьшаллаш лардар бахьанехь а дайина хилла синош гира суна. Уьш айдинчу озаца кхайкхира: «Мел Іийр ву те Хьо, Хьалдолу Эла, веза а, тешаме а Верг, Лаьттахь бехаш болчарна кхел ца еш а, тхан цІий Іанорна царна таІзар ца деш а?» – аьлла. ТІаккха царна хІоранна а кІайн духар делира. Цаьрга элира, кхин а кІеззиг йолчу ханна сатоха аьлла. Иштта хила дезара, цаьрга терра Іийсана гІуллакх деш болчу а, уьш санна байина хин болчу а, динан вежарийн терахь кхочушхиллалц.
Выбор основного перевода