Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къизачу Іазапехь а, меца а болуш, лаьтта тІехула лелар бу и нах. Мацалла хІоьттинчу хенахь, дар а белла, шайн паччахьна а, Далла а луьйр бу уьш. Амма халкъ шена Йиттина Волчунна тІе ца дирзина, массо а ницкъийн Веза Эла ца лехна цо. Ас элира: «Ва Веза Эла! Тешаме хиларе Хьо ма хьоьжу! Ахьа царна туьйхира, амма уьш ца лазийра. Ахьа царна таІзар дира, амма цара шаьш нис ца байтира. Цара шайн яххьаш тІулгал а чІогІа чІагІйина, Хьуна тІедерза царна ма ца лаьара. Ткъа оцу баланех далаза дисина кхидолу адамаш, шайна Іибадат дархьама, шаьш куьйга йинчу хІуманех дІа ца дирзира. Цара Іамал йора жинашна а, деших а, детих а, цІастанах а, тІулгах а, дечигах а бинчу цІушна а, царна хІумма а ца гушшехь а, уьш ца лелалушшехь а. И адамаш дІа ца дирзира нах байаран а, жиналла лелоран а, сийсаза долу хІума лелоран а, къоланаш даран а некъа тІера.
Выбор основного перевода