Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас шен Іаса стигала хьалахьажийра. Везачу Эло, стигал а къовкъийна, къора туьйхира. Лаьттах детталуш стелахаьштигаш дара, серладуьйлуш. Берриг а Мисар-махкана тІе къора туьйхира Везачу Эло. Къора яра схьайогІуш, цунна юккъехула лепаш стелахаьштигаш а дара. Мисар-махка тІе адам даха хиъначхьана ца хилла йолу чІогІа къора яра иза. Стигалшкара Делан цІа дІаделладелира. Цу чохь Цуьнца бинчу бертан деза тІорказ дара гуш. ТІаккха ткъес а туьйхира, аьзнаш а девлира, стигал а къийкъира, мохк а бегийра, йоккха къора а туьйхира. Нуьцкъалчу йовхоно адамаш дагадора. Ткъа и баланаш тІебахкийта бакъо йолуш волчу Делан цІе емалйора цара. Шайн къинойх дІа а ца къаьстира уьш, Далла хастамаш а ца бира цара. Шайн лазарш а, даьІнаш долу чевнаш а бахьанехь адамаша стигаларчу Далла сардамаш доьхура. Амма шаьш лелийначу гІуллакхех дІа ца боьрзура уьш.
Выбор основного перевода