Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриг а Мисар-махкахь цу овкъарх чан а гІаьттина, адамашна а, даьхнина а, ноткъа а еш, чевнаш хир ю». Пешара юкъ а эцна, пирІунна хьалха хІоьттира Муса а, АхІарон а. Мусас юкъ ирхкхоьссича, адамашна а, даьхнина а тІехь чевнаш хІиттира, ноткъа а йолуш. Бозбунчаш Мусана дуьхьал ца бовла белира, хІунда аьлча уьш а, массо а мисархо санна, тІехь чевнаш йолуш бара. Голаш тІехь а, настарш тІехь а, когийн айраш тІера хьеюккъе кхаччалц дерза ца доьрзу даьІнаш хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло. Хьалхарчу малико турба лекхча, цІийх дІаийна йолу къора а, цІе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгІачу декъах цІе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгІа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира.
Выбор основного перевода