Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна тІе Хьайн дералла Іанаехьа. Хьан чІогІачу оьгІазалло дІалоцийла уьш. Везачу Элан даше ладогІа, Цуьнан дашах бегош берш: «Сан цІе бахьана долуш, шу ца дезачу а, дІалоьхкучу а шун вежарша боху: „Везачу Эло Шен сийлалла гойтийла, тІаккха тхо хьовсур ду шун самукъадаларе“. Амма уьш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Хьайн дералла охьаІанаехьа Хьо вовзаза долчу къаьмнашна тІе, Хьайга ца кхойкхучу халкъашна тІе. Цара Якъубан тІаьхье дІакхаьллира, цаста а цестина, и къам дІа а кхаьллина, иза Іаш болу мохк бассийна цара. Иштта, хьежа Соьга, – боху Везачу Эло, – царна дуьхьал тоьшалла дан Со гІоттур волчу дийне хьежа. Ас билгалдаьккхина халкъаш тІегулдар а, пачхьалкхаш тІегулъяр а, Сайн оьгІазалла царна тІе Іанорхьама а, Сайн чІогІа дералла царна тІе хьажорхьама а. Сан эмгараллин цІаро дерриг а латта дІакхоллур ду.
Выбор основного перевода