Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхин цхьа хІума а дагахь латтаде: хІусамдена къу буьйсанна маца вогІур ву хаьахьара, цо сема хиларца иза ларвийр вара, цуьнга шена къола ца дайта. Цундела шу а хила деза кийча, хІунда аьлча Адамийн КІант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогІур ву». Амма хаалаш, нагахь санна хІусамдена къу маца вогІур ву хууш хиллехь, цо шен цІа чохь къола дойтур дацара. Шу а хила деза кийча, хІунда аьлча Адамийн КІант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогІур ву». И духар ваьшна тІедухийтинчул тІаьхьа, вай дерзина карор ма дац! Шуна шайна а билггала хаьа, буьйсанна цІеххьана вогІу къу санна, иштта дагахь доццучу хенахь тІекхочур ду Везачу Элан де. Ткъа шу, динан вежарий, боданехь дац, и де, къу санна, шуна тІекхача. Нахана ца хууш вогІу къу санна, догІур ду Везачу Элан де, тІаккха гІовгІанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тІехь дерг а, даьгна, дІадер ду. Шаьш тІеэцна болу а, шайна хезна болу а хьехамаш дагахь латтабе! Уьш лар а бе, шайн къиношна дохко а довлий, Далла тІе а дерза. Нагахь шу сама ца довлахь, къу санна, шуна ца моьттучу хенахь вогІур ву Со. Бакъду, шуна юкъахь масех стаг ву шайн бедарш къилахь долу гІуллакхаш дарца бехъяза. Уьш, кІайн духарш а дуьйхина, Соьца лелар бу, хІунда аьлча уьш иштта лела хьакъ долуш бу. Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цІергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КІайн духар а эца шайна, иза, тІе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дІахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бІаьргех хьакха, бІаьрса даийтархьама!
Выбор основного перевода