Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ла а догІа, Якъубан цІийне дІахьедар а де», – боху массо а ницкъийн Дела волчу Хьалдолчу Эло. Дала лаьмнаш а кхуллу, мох а болуьйту, адамна Шен ойла дІа а хоуьйту, Іуьйренан серлонах бода а хуьлуьйту. Цо лакхара дерриге а лаьттана куьйгалла до. Цуьнан цІе ю – массо а ницкъийн Веза Дела. Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дІаяллалц». Делан Сино кхеттош схьабоху: тІаьхьарчу хенашкахь цхьаболу нах Іийсах тешарх юхабевр бу. Адамаш Іехош долчу харцжинашна а, жинийн хьехамашна а тІаьхьахІуьттур бу уьш. «Со ву массо а хІума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, – боху Везачу Дала. – Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогІун волу а Нуьцкъалниг». Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тІебоуьйтур болчу заманах.
Выбор основного перевода