Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тІедерза!» – бохура Цо. ХІума ца девзаш яьккхинчу ханна Дала бехке ца до шу, амма хІинца массо а адамашка, массанхьа а, лелийначунна дохко а довлий, Шена тІедерза аьлла, омра до Цо. Ткъа оцу баланех далаза дисина кхидолу адамаш, шайна Іибадат дархьама, шаьш куьйга йинчу хІуманех дІа ца дирзира. Цара Іамал йора жинашна а, деших а, детих а, цІастанах а, тІулгах а, дечигах а бинчу цІушна а, царна хІумма а ца гушшехь а, уьш ца лелалушшехь а. И адамаш дІа ца дирзира нах байаран а, жиналла лелоран а, сийсаза долу хІума лелоран а, къоланаш даран а некъа тІера.
Выбор основного перевода