Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Везачу Эло Мусага элира: «Ваха а гІой, пирІуне Везачу Эло боху ала: „ДІахеца Сан халкъ, цуьнга Суна Іибадат дайта. Нагахь хьо иза дІахеца реза ца хилахь, Ас хьан мохк пхьидех хьалабузур бу. Хи пхьидех сийсаш хир ду, уьш хьан цІа чу а, хьо дІавуьжучу метта а, хьан уллорачеран а, хьан халкъан а цІенош чу евр ю, хьан пешаш чу а, текхаш чу а евр ю. Хьуна а, хьан халкъана а, массо а хьан уллорачарна а тІехула лелар ю пхьидарчий“». Везачу Эло Мусага кхин а элира: «АхІароне дІаала, шен Іаса карахь йолу куьг хишна а, татолашна а, Іаьмнашна а тІехула лаца алий. ТІаккха берриг а Мисар-мохк пхьидех хьалабузур бу». АхІарона шен куьг Мисаран хиш тІехула лецира. Пхьидаша, хьала а евлла, берриг а Мисар-мохк дІалецира. Сан динан бераш! ХІара кху дуьненан тІаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогІур ву аьлла. Ткъа хІинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хІара билггал тІаьхьара зама юйла. Кхин а цхьана билгалонан сурт а хІоьттира стигалахь. Боккха цІен саьрмик гучубелира. Цуьнан ворхІ корта а бара, итт маІа а яра, хІора коьрта тІехь таж а дара. Саьрмик чІогІа дарбелира цу зудчунна. Иза цу зудчун тІаьхьенах болчу кхечаьрца тІом бан бахара. Уьш бара, Делан весеташ кхочуш а деш, Іийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш берш.
Выбор основного перевода