Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муса тІевогІуш Шена гича, Веза Эла кулла юкъара кхайкхира: «Ва Муса!» «Со кхузахь ву!» – элира Мусас. Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала АхІароне, шен Іаса карахь йолу куьг дерриг а хиш тІехула а, Іаьмнашна а, шена чохь хи долчу меттигашна а тІехула лаца алий. Хих цІий хир ду. Берриг а Мисар-махкахь ур-атталла дечиган а, тІулган а пхьегІаш чохь хина метта цІий хир ду». Мисархойн хиш Цо цІийх хьаладуьзира, цаьрга хи ца малийтархьама. Іахаро кхоалгІа мухІар дІадаьккхича, суна хезира кхоалгІачу дийнато олуш: «Схьавола!» Со дІахьаьжча, суна Іаьржа дин гира. Цу тІехь бере вара, цуьнан карахь терза дара. Деа дийнатана юкъара адаман санна долу аз хезира суна: «Цхьана дийнан алапа долччул ахча а луш, кІен деман цхьа кана я мекхан деман кхо кана схьаоьцу. Зайтдаьтта а, чагІар а талха ма де!»
Выбор основного перевода