Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тІаьхьенна дІалур ду хІара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц, Хьала а гІовттий, новкъа довла, дІагІо лаьмнашца болчу эмархойн махка а, гонах мел долчу къаьмнийн меттигашка а: Іариба-тогІене, лаьмнашка, малхбузерчу акъарешна тІе, НегІаб-аренга, хІордан йистошка. КанаІанхойн махка а, сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц Ливанун-махка а дІагІо. Ас шуна къилбехь йолчу яьссачу аренна тІера къилбаседехь долчу Ливанун лаьмнаш тІекхаччалц долу латта лур ду. Шун дозанаш малхбалехь долчу сийлахьчу Эпрат-хи тІера, хьетахойн латта чу а лоцуш, малхбузехь болчу боккхачу хІорда тІекхаччалц хир ду. Мисаран хІордана хи чукхета меттиг якъор ю Везачу Эло. Морцучу мохаца Цо, тІехула Шен куьг а лаьцна, Эпрат-хи, ворхІ татол а дина, доькъур ду. Цу татолех, кІархаш а буьйхина, дехьавалалур ву. ТІаккха Ашур-махкахь дисинчу Цуьнан халкъан декъана боккха некъ хир бу, ша Мисар-махкара арадолучу хенахь Исраилан халкъана иза хиларе терра. Йокъа хІоттае Бавеларчу хишна тІе, уьш долу меттигаш якъа а еш, хІунда аьлча Бавел – цІуйн мохк бу, ткъа оцу дегазчу цІуша уьш хьерабоху.
Выбор основного перевода