Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийсас, сихха куьг дІа а кховдийна, иза хьалаваьккхира. Цо цуьнга элира: «Делах кІезиг тешаш верг! Хьайн даг чу шеко хІунда кхоллаялийтира ахьа?» Ткъа, цара дуьйцург а хезна, Іийсас Яире элира: «Кхера ма ло, амма теша». Іийсас жоп делира цунна: «Дан лур делахь?! – Дерриге а далур ду Делах тешаш волчунна». Муха тешар ду шу, цхьаммо шайн сий дича, аша иза хазахетарца тІеоьцуш хилча? Ткъа цхьаъ бен воцучу Делера сий аша ца лоьху. Шаьш Муса-пайхамарах тешаш хилча, Сох а тешар дара шу, хІунда аьлча Сох лаьцна яздинера цо. Амма нагахь санна цуьнан йозанех а шу ца тешча, Сан дешнех муха тешар ду шу?»
Выбор основного перевода