Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тІедерза!» – бохура Цо. Іийса берриг Галилай-махкахула волавелира. Цо нехан гуламан цІеношкахь Іамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. ХІунда аьлча, Делан даше ла а дугІуш, иза кхочуш ца деш волу стаг шен билггал йолчу юьхье куьзгана чу хьоьжучух тера ву. Шега а хьаьжна, иза юьстахволу, ткъа цу сохьта шен юьхьсибат цунна дицло. Кхаим санна ма хилалаш, иза иблисан долахь а вара, цо шен ваша а вийра. Ткъа хІунда вийра цо иза? Шен гІуллакхаш зуламе хилла дела, ткъа цуьнан вешин гІуллакхаш Делан лаамехь долу гІуллакхаш хилла дела.
Выбор основного перевода