Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ткъа Адамийн КІант Шен сийлаллица веача, Шеца массо а маликаш а долуш, Иза Шен стигалийн сийлаллехь охьахуур ву Шен паччахьан гІанта тІе. ТІаккха массо а халкъаш Цунна хьалха схьагуллур ду. Цо уьш, жаІуьно уьстагІий гезарех санна, дІасакъастор ду. УьстагІий Цо Шена аьтту агІор дохур ду, гезарий – аьрру агІор. Паччахьо Шена аьтту агІор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тІедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дІаэца. Иза шуна деш долу совгІат ду, хІунда аьлча Со меца волчу хенахь аша Суна яа хІума елира, Со хьогах волчу хенахь аша Суна мала хи делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тІеийцира. Со тІехь беркъа волчу хенахь аша Суна тІеюха хІума елира. Со цомгуш волчу хенахь аша Сан дола дира. Со набахтехь волчу хенахь шу Со волчу тІаьхьадаьхкира“. ТІаккха Делан лаамехь болчара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Хьо меца а волуш, оха маца елла хьуна яа хІума? Хьо хьогах а волуш, оха маца делла хьуна мала хи? Хьо араваьлла лелачу хенахь оха маца эцна хьо тІе? Хьо беркъа ваьлла лелаш, оха маца йоьхна хьуна тІе хІума? Хьо тхуна маца гина цомгуш я набахти чохь? Тхо маца ихна тІаьхьа?“ Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гІо оьшучохь хІокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“. ТІаккха Шена аьрру агІор болчаьрга эр ду: „Гена довла Суна, Делан неІалт хилларш! Иблисаний, цуьнан харцмаликашний кечйинчу жоьжахатин цІера юккъехь ю шун меттиг. ХІунда аьлча Со меца волчу хенахь аша яа хІума ца елира, Со хьогах волчу хенахь мала хи ца делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тІе ца ийцира. Со цомгуш волчу хенахь, я набахти чохь воллучу хенахь аша Сан терго ца йира“. ТІаккха цара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Тхуна хьо маца гина меца а, хьогах волуш а, я араваьлла лелаш? ТІехь беркъа волуш а, могуш воцуш а? Тхуна маца гина хьо набахти чохь? Тхо маца Іийна Хьан гІуллакх ца деш?“ ТІаккха Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: аша гІо оьшучохь Сан цхьанна а вешина гІо ца дина, царах уггар ледара волчунна а, иза Суна ца дина аша“. ТІаккха уьш цкъа а хедар доцучу таІзарехь хир бу, ткъа Делан лаамехь берш хедар доцучу дахаре кхочур бу».
Выбор основного перевода