Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Декъала ву Сох шек воцург». Цигахь, мурдаш дегнашца чІагІбеш, шайн тешарехь чІогІа хила бохуш, Іамабора цара. «Вай лан езаш дукха халонаш ю Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хилале», – бохура цара. Йиш яц цкъа хазачу кхоан серло шайна тІе кхеттарш, стигаларчу совгІатан чам хиънарш, Делан Синан зовкх хьоьгуш дакъалаьцнарш, Делан Дашо луш долу дика а, хин долчу дуьненан ницкъ а бевзинарш, тешарх дІа а къаьстина, юха а Далла тІеберзо. Уьш дохкобовларан некъа тІе цхьаьнгге а бāхалур бац, хІунда аьлча цара юха а жІарах дІатуху Делан КІант, массарна а хьалха Иза сийсаз а воккхуш. Кест-кеста шена тІедогІуш долу догІа дІа а худуш, ша лелош волчунна ялта луш долу латта Дала декъалдеш ду. Ткъа баьІаш а, къух а бен шена тІехь ца кхуьу латта Дала неІалт кхайкхорна герга ду. Чаккхенехь иза цІаро дагор ду. Иштта оха бахахь а, сан хьоменаш, тхо тешна ду шу дикачу новкъахь хиларх – и некъ кІелхьардовларна тІебоьду. ХІунда аьлча нийса доцург дац Делехь. Цунна дицлур дац шун гІуллакхаш а, аша Цуьнан нахана тохара а, хІинца а гІодарца Цуьнга гайтина болу безам а. Чубоьхкинчу нахах къахеташ а хилла шу, шайн долахь дерг дІадаьккхича, хазахеташ а лелла шу, хІунда аьлча шуна хаьара стигалахь дикаха а, цкъа а дІаер йоцу а хазна шайн юйла.
Выбор основного перевода