Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш берриге а, тешар а долуш, белла, лур ду аьлларш схьа а эцаза. Амма царна и хІуманаш геннахь гина, уьш царах баккхийбеш хилла. Цара шайх лаьцна аьлла, шаьш девлла леларш а, тІедаьхкина нах а ду лаьтта тІехь. Пайхамарша леррина талла а теллина, Іама а дина оцу кІелхьардовларх дерг дерриг а. Шуна дала кечдинчу Делан диканах лаьцна а дийцина цара. Шайна чохь хиллачу Дала леррина Къобалвинчун Сино йийцина йолу хан а, хьелаш а къасто гІиртина уьш. Цу Сино дийцина царна Дала леррина Къобалвинчун баланех лаьцна а, тІаьхьа Цуьнца боьзна хин болчу сийлахьчу хиламех лаьцна а.
Выбор основного перевода