Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Іийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчеххий, Іилманчеххий и хІума къайла а даьккхина, бер санна, догцІеначарна Ахьа иза дІаделларна. Ткъа Цо элира: «Дала шена деллачунна чохь бен тарлур дац Сан дешнаш. ТІаккха кхин а элира Іийсас: «Цундела аьллера Ас шуьга, цхьа а валур вац Суна тІе, нагахь санна Сан Дас иза цунна делла дацахь». Ткъа вайна Дала Шен Синца дІадиллина иза, хІунда аьлча Делан Сино дерриг а толлу, ур-атталла Делан кІоргенаш а. Иштта, Дала, тхох теша а тешна, Шен къайле йолу, билггал бакъдерш караделла болу Дала леррина Къобалвинчун гІуллакх дийраш санна тІеэца деза тхо хІораммо а. И къайле суна Делера болчу хаамца йовзийтинера, лакхахь цунах лаьцна аса доцца яздина ма-хиллара. Цундела, дІаяздинарг шаьш доьшуш, шу кхета мега, Дала леррина къобалвинчух йоьзна йолчу цу къайленах сан кхетам муха бу. Суна а дехалаш Деле, аса сайн бага мел йоьллучу хенахь хазачу кхоан къайле майрра йовзийта дешнаш суна далар доьхуш. Аса иза до, уьш, вовшашка болу безам а болуш, цхьаьнакхетта хилийтархьама а, церан дегнаш иракарахІитторхьама а. Суна лаьа, церан хьекъал кхачам боллуш чІогІа хила, Делан къайле царна йовзийтархьама. Ткъа Делан къайле Дала леррина Къобалвинарг ву. Иштта тхуна тІера а доІанаш де Деле, Цуьнан дош дІакхайкхо а, Цо леррина Къобалвинчух лаьцна йолу Цуьнан къайле дІайовзийта а тхан аьтто бар доьхуш. И къайле дІакхайкхор бахьана долуш, ву со набахтехь. Амма шу Делан КІанта къобалдина ду, ткъа иза шуьца дуьсу. Цундела шуна кхин хьехархо ца оьшу – цу къобалдаро шуна дерригенах лаьцна хьоьху. Ткъа иза харц дац – иза билггал бакъдерг ду. Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца хила даим а, Цо шайна ма-хьеххара.
Выбор основного перевода