Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нахаца Іийсас къамел дечу хенахь Цуьнан наний, вежарий арахь лаьтташ хилла, Цуьнца къамел дан лууш. Цкъа Гансарт цІе йолчу Іомана йистехь лаьтташ вара Іийса. Дукха адам дара Цунна гонах гулделла, тІе теІаш, Делера долчу даше ладогІархьама. ТІаккха тІевахана цхьана хинан кеманан дега, ШамІе, Ша берда йистера кеман тІехь жимма дІавига элира Цо. Юха оцу кеманна чу а хиина, нахана хьехам бан волавелира Иза.
Выбор основного перевода