Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царах дІахьакхавала лууш волчо, шен кара эчиг я гоьмукъан дечиг схьаоьцу. И кІохцалш шаьш долччохь цо дагадо». Цуьнан карахь кІа ору баьхьа бу. Цо хьаьттахь кІа цІандийр ду. КІа цІа чу схьагулдийр ду, ткъа кегаш цкъа а дІайовр йоцучу цІера юкъахь ягор ю Цо». Динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу а Іийсан цІарах весет до оха, аша тхоьгара тІеэцначу Делан хьехамашца а ца лелаш, мало йолуш волчу муьлххачу а динан веших дІакъаста аьлла. Делахь а Дала дІахІоттийна болу онда бух чІогІа лаьтташ бу. Цунна тІе дІаяздина хІара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХІора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза». Делан цІа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цо мархина тІе охьахиъна волчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн марс схьа а эций, ялта хьакха! ХІунда аьлча лаьттахь ялта кхиъна а даьлла, марс хьокху хан тІе а кхаьчна». Харцдерг лелочара кхидІа а леладойла изза. Боьха лаамаш кхочушбийраш кхин а бехлойла. Делан лаамехь берш кхидІа а лелийла бакъонца. Далла гергахь цІена берш кхидІа а цІена лелийла». Іийсас боху: «Со кестта вогІур ву. Сан ял а Соьца ю, хІоранна а, ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дІадалархьама.
Выбор основного перевода