Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха, мурдашка дІа а вирзина, цаьрга шайгга элира Цо: «Дала декъалдина нах ду шу, хІунда аьлча шайн бІаьргашца хІара дерриг а го шуна. Ас боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, паччахьаш а лууш бара хІара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна». Цо аьллачунна дуьхьал Іийсас жоп делира: «Декъал хилла хьо, ШамІа, Юнин кІант, хІунда аьлча хьуна иза нахера ца хиъна, стигалахь волчу Сан Дегара хиъна. Іийсас элира цуьнга: «Хьо тийши, хьайна Со гина дела. Декъала бу-кх, Со гина воццушехь, Сох тешнарш».
Выбор основного перевода